Жуьгтий
Жуьгтий | |
---|---|
| |
Шен цӀе | יהודים |
Дукхалла | 13,626[2]—13,855 млн[1] |
ДIасакхалхар | |
Дин | Иудаизм |
Этносин тобанаш | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Жуьгтий, ЯхӀудий, Ӏебархой (Ӏеб. יְהוּדִים — «йехӀудим», идиш ייִדן/אידן — «(й)идн», Ӏаьр. يَهُود — «яхӀуд», ЯхӀуде йиллина цӀе йу) — иза самхойх схьадалар долуш къам ду, ширачу Исраилан а, ЯхӀудан а пачхьалкхийн бахархойх схьадаьлла долу, дуьненан дуккха а мехкашкахь дехаш долу, амма 1948-чу шарахь дуьйна иштта йолуш йу жуьгтийн пачхьалкх Исраил. Уьш схьакъаьсташ бу жуьгтийн динна йа оцу динах схьайаьллачу культурина а, тӀаьхьалонна а тӀаьхьабазарца. Бабило йийсарбиначул тӀаьхьа уьш бекъабелла яхӀудашка а, самирихошка а. Жуьгтийн дукхалла 2018-чу шар чохь лерича 14,6—17,8 млн гергга адам ду, «Berman Jewish DataBank» ма-бохху; царах 44,9 % Исраилехь Ӏаш бу, ткъа 39 % Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь бу.
Жуьгтийн дин дуккха а хийцамашкахула чекхдаьлла историн йохаллехь, къаьсттина ЯхӀудан пачхьалкх йоьжначул тӀаьхьа а, ШолгӀа килс йохийначул тӀаьхьа а, вайн эрин хьалхарчу бӀешарахь.
Ширачу весет чохь «яхӀуди» олучу терминан бух бевзаш бац. Амма и термин йалийна йу динан хьосташкахь а, Библин тептаршкахь а. Оцу хьосташа гойту «йахӀуди» олу термин ЯӀкъуб пайхамаран кӀанте ЯхӀуде йоьрзуш хилар.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 5 JEWISH POPULATION IN THE WORLD AND IN ISRAEL (инг.). cbs.gov.il (2013). — Statistical Abstract of Israel 2013 - No. 64 Subject 2 - Table No. 11. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 сентябрь. Архивйина 2013 шеран 13 ноябрехь
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 ANNUAL ASSESSMENT 2013-2014 . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 4 декабрехь
- ↑ Еврейское население России может сократиться вдвое . Независимая газета (2023 шеран 20 июль). ТӀекхочу дата: 2023 шеран 22 октябрь. Архивйина 2023 шеран 22 июнехь
ХӀара дуьненан къаьмнех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |