Чулацаман тӀегӀо

Беда

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Фарерийн гӀайренаш тӀера беданаш. Ораматийн чкъоьро йовхо Ӏалашйо
Бухарестера беда (Румыни)
Беданаш Венехь (Австри)
Беда хьараме гӀалахь (Пекин, Цийчоь)

Беда йа тхов — атмосферин йочанех, догӀанан хих, дешна хих Ӏалашде гӀишлон тӀехулара конструкци. Кхин цуьнан коьрта функци йу йовхо ларйар (йовхо латтор а, йовхонах Ӏалашдар а).

«Къовлам» термин алсама лелайо промышленностан гӀишлошна йа чардакх доцучу беданашна[1]. Къовламан коьрта кепаш лору чардакхан беданаш, чардакх доцу беданаш, йоккха йукъ йолу бижина тхов[2].

Беданаш лерина хила деза эксплуатаци йечу хенахь хуьлу гуттаренна Ӏаткъамна (шен бозаллин) а, ханна (лайн чкъор, механ анасизан Ӏаткъам) а Ӏаткъамашна.

Атмосферо Ӏаткъам бо беданан чкъоьрах «тхов» олу. Иза хила без ахи чекх ца долуш, тӀуналлина дуьхьала лаьтташ, химин дера хӀуманашна дуьхьала лаьтташ, мелхан радиацин, шелонашна, кхечу Ӏаткъамашна дуьхьала лаьтташ. Тхевн коьрта дикалла бай хилар, дукха бахар, туьллуш а, лелош а кхоамалла хилар.

Беданан конструкци а, тхевн гӀирс а билгалбоху проектан тӀегӀанехь, бозу гӀишлонан фасадан дизайнах а, тхов тилларан технологех а.

ЧӀапа беданаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ЧӀапа беда жимма цхьаьна агӀор таьӀна хуьлу, тхов тӀера эвсара хи охьадахийтархьам. «ЧӀапа» лору тхов 3% кхаччалц таьӀна балахь. Иштта къовлам чардакх доцуш лору.

ЧӀапа беданаш кхечу гӀуллакхна лело а (тӀегӀанан), ца лело а йиш йу.

Царна тӀаьхь хила йиш йу берийн ловзу майданаш, аьхкенан кафеш, йиллина кинотеатрш, спортан майданаш. Кхин а оцу беданийн майданаш тӀехь ораматаш лело мегар ду, цунах олу «Баьццара беда».

Чардакхан беданаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Чардакхийн беданийн чухула гӀортолех «сторпалаш олу».

ГӀишлонан беда лаьтта лахарчу декъех: таьӀна экъанех, царех олу «тхевнан басе», церан бух бу сторпалш а, царна тӀетоьхна у а. Сторпалийн кӀажойн лахара йисташ гӀоьрту мауэрлатах — тӀайнех, иза бух бу таьӀна дечиган сторпалийн, иза лерина ду бедано бен Ӏаткъам цхьабосса декъа. Мауэрлат лаьтта лакхара чоьхьара декъехь тӀулгийн пенийн. Басенаш цхьаьна кхетучехь кхоллало таьӀна, ана лаьтта пӀендарчий. Ана пӀендарчех олу «чоргӀе». Басенаш цхьаьнакхетта, чутаьӀна са бечу меттигехь, йо нойнаш а, апареш а. Пенашна тӀехулара тхевна йистех «цхар» олу (лаьтта ана, арахьара пенел арайовлу) йа «фронтон» (лаьтта таьӀна) олу. Хи басенаш тӀехула пенашна йистера апареш чу доьду, тӀаккха дӀадоьду биргӀанашчухула догӀанан канализаци чу.

Иштта беданан дакъа ду цхьар, фронтон, гӀовгӀанан кор, аэратор, апари, хи охьадоьду биргӀа, лосацорг.

ХӀокху заманан тхов — чолхе конструкци йу, иза лаьтта дуккха а компонентех: механ дуьхьалонах, Ӏаьнарагидроизоляцин чӀурамах, бохбийриг, ша тхевн къовламах. Кхин а дицдан ца деза, тхевн нийса конструкцис латтайо тхевн къовламан а, сторпалийн декъан а йукъара вентиляци, кондетсат гулйаларх а, йовхо йарах а лардо.

Чардакийн беданийн кепаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Москохара Пушкинан музейн нартолан серлочекхйолу беда, архитектор — В. Г. Шухов, 1912

Коьртаниг, беданаш декъало басенан а, чӀапа а тхевнашка. Басенан беданаш къастало кепаца а, басенийн барамца а:

  • Цхьа басе йолу беда цуьнан коьрта конструкци (сторпалийн система, фермица) тайп-тайпана тӀегӀанехь долу арахьара пенашна тӀехь йу. Цхьа басе йолу беданаш леладо дукха хьолехь учи а, терхи а, бахаман гӀишлош а, лармин чоьнаш а къовлуш
  • Ши басе йолу беда уггаре йаьржина классикин конструкци йу. Беданийн варианташ хуьлу кхозу сторпалийн кепашца а, таьӀна сторпалашца а. Оцу тайпанан беданийн дукха варианташ хуьлу: басе таӀаран цхьатерра са болуш а, боцуш а йа кхозу цхаран барам тайп-тайпана болуш.
  • Четаран беда — иштта беданан йерриш басеш агӀо цхьатерра болу кхосаберган кепара хуьлу, басеш цхьаьна меттигехь тӀеттӀа кхочу. Туьллу квадратан йа цхьатерра агӀонаш болу дукхасенашболчу гӀишлошна
  • Вальмин беда — йиъ басе йолу, ши басе трапеции, ткъа важа ши басе кхосаберг йолу тхов. Вальмин беданан тайпа ду ахвальмин а, данин а беда (вальмин а, шина басенан а ийна беда; йоцачу басенийн лакхарчу декъехь хуьлу фронтонаш, цуо таро ло йуьззина вертикалан корийн блокаш чухӀитто). Японехь а, Цийчохь а иштта беданах олу «иримоя»
  • Ахвальмин беда — агӀонан басенаш (ахвальмаш) хедайо, церан хуьлу коьрта басенел асанца таӀарца кӀезин йохалла. Тохку фронтонаш йочанех ларйархьама.
  • Дуккха басенаш йолу беда — туьллу чолхе дуккхасенаш болу кепара планан цӀеношна. Ишттачу беданийн дуккха а нойнаш а, пӀенданаш а хуьлу, цигахь лакхара говзалла йеза тхевнаш тохкуш
  • Мансардин беда
  • Нартолан а, конусан а беданаш тохку гоьрга гӀишлошна, масала, маьждиган момсарна.
  • ЧӀапа беданаш шуьйра леладо гражданийн а, промышленностан а гӀишлошйарехь. Басенийн беданех къаьсташ, чӀепа беданаш тӀехь ца лелайо тхевнан цхьацца а, листашкахь а материалаш. Кхузахь берриг куза биллало материалаш оьшу (битуман, битуман-полимеран а, полимеран а материалаш, кхин а балоз). И куза дика сетташ хила беза, тхевнан бухан температурин а, механикин а деформаци лан. Буххан меттана леладо йовхонизоляци, тхевнан экъанаш, цӀенкъа. Наггахь чӀапа тхов бо кхечу гӀуллакхан лело мегаш йа баьццара.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Беда — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  2. Авторский коллектив д-р. арх. проф. М. С. Туполев, доц. А. Н. Шкинев, проф. А. Н. Попов, канд. арх. доц. А. А. Попов, канд. техн. наук доц. Ю. Л. Сопоцько, канд. арх. доц. Т. И. Кириллова, канд. арх. В. Н. Карцев, канд. арх. О. В. Коретко, инж. И. А. Браунсдорфер, канд. техн. наук В. В. Беспалов, инж. В. М. Кунин. Конструкции гражданских зданий / под редакцией М. С. Туполева, научный редактор - арх. Г. А. Довжик. — Москва: Издательство литературы по строительству, 1968. — 239 с.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Авторский коллектив д-р. арх. проф. М. С. Туполев, доц. А. Н. Шкинев, проф. А. Н. Попов, канд. арх. доц. А. А. Попов, канд. техн. наук доц. Ю. Л. Сопоцько, канд. арх. доц. Т. И. Кириллова, канд. арх. В. Н. Карцев, канд. арх. О. В. Коретко, инж. И. А. Браунсдорфер, канд. техн. наук В. В. Беспалов, инж. В. М. Кунин. Конструкции гражданских зданий / под редакцией М. С. Туполева, научный редактор - арх. Г. А. Довжик. — Москва: Издательство литературы по строительству, 1968. — 239 с.
  • С. И. Вайдман, Л. Ф. Теверовский, Д. В. Яковлев. Строительные конструкции. — Ленинград: Издательство литературы по строительству, 1970. — 344 с.
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «беда»

Российн норманаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Российн федерацера хӀокху заманан беданашна болу нормативан бехкамаш дукха документийн чулацамашкахь бу, цу тӀе оцу документийн цхьа дакъа ширделла, амма, дӀа ца даьхна. Проекташ йан йеза лелаш йолчу норманашца:

  • СНиП 2.08.01-89, 1995 г. «Жилые здания»
  • СНиП 2.08.02-89 «Общественные здания и сооружения»
  • СНиП 2.09.04-87 «Административные и бытовые здания»
  • СНиП 31-03-2001 «Производственные здания» Взамен СНиП 2.09.02-85*
  • СНиП II-3-79*, 1996 г. «Строительная теплотехника»
  • СНиП 3.04.01-87 «Изоляционные и отделочные покрытия»
  • СНиП 21-01-97 «Пожарная безопасность зданий и сооружений».
  • СП 31-116-2006 «Проектирование и устройство кровель из листовой меди»
  • СП 17.13330.2011 «Кровли» (Актуализированная редакция СНиП II-26-76)