Чулацаман тӀегӀо

Бидольо, Людовико

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Бидольо Людовико
Йукъара хаамаш
Харц цӀе Vico
Вина терахь 1900 шеран 5 февраль({{padleft:1900|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг Буэнос-Айрес, Аргентина
Кхелхина терахь 1970 шеран 25 декабрь({{padleft:1970|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (70 шо)
Кхелхина меттиг хууш дац
Гражданалла Аргентинин байрак Аргентина
Позици турсло
Клубан карьера[* 1]
1916—1917 Аргентинин байракх (1812—1985) Спортиво Палермо
1918—1919 Аргентинин байракх (1812—1985) Эурека
1920—1921 Аргентинин байракх (1812—1985) Спортиво Палермо
1922—1931 Аргентинин байракх (1812—1985) Бока Хуниорс 209 (1)
СовгӀаташ а, мидалш а
Къилба Америкин чемпионаташ
Деши Буэнос-Айрес 1925
Деши Перу 1927
Олимпийн ловзарш
Дети Амстердам 1928 футбол
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Бидо́льо Людови́ко (испан. Ludovico Bidoglio; 1900 5 февраль, Буэнос-Айрес1970 25 декабрь) — аргентинин футболист, турсло, гӀараваьлла «Боку Хуниорсехь» а, Аргентинин гулйина командехь а ловзарца. Латинан Америкин хьалхарчу исторехь уггаре дикачех цхьа турсло, дукха хӀонсаш йаьхна.

Карьера йолийра «Спортиво Палермо» клубехь. Йуьхьанца левзира тӀелатархочун позицехь, амма цхьаьна матчехь командин турсло лазийча, Бидольос дӀалецира цуьнан меттиг, кхин цкъан а тӀелатархочуьн позицехь ца левзира. «Спортиво Палермо» йукъахь ши шо даьккхина иза дехьавелира «Эурека» клубе, цигахь левзира деа шарахь. 1922 шарахь Бидольо дехьавелира «Бока Хуниорс» клубе, йисина хан йерриг цунна йукъахь левзира, ма-дарра аьлча итт шарахь, оцу клубехь левзира 200 сов матчехь. Муттис Рамонца цхьаьна Людовикос чӀогӀа онда дуьхьалонан шед бора «Бокехь». Бидольон элегантан, исбаьхьаллин ловзаран хатӀ чӀогӀа къаьстара дукхаха болчу Къилба Америкин турслойн морса ницкъаллин амалех, оцу ловзаро къобалвайтира иза хьовсархошка а, прессега а.

«Бокин» йукъахь иза пхоьазза Аргентинин чемпион хилла. Аргентинин гулйина командин йукъахь Бидольо левзина 34 матчехь. Цуьнан зама йара аргентинин-уругвайн дуьхьалонан зама латинаамерикин футболехь. Иза левзина континентан пхеа чемпионатах, цуьнан командо йаьккхина шиъ, ткъа кхаа чемпионатехь тоьлла Уругвай, аргентинхой шолгӀа а буьтуш; Олимпиада-1928 иштта йаьккхира Уругвайс, финалехь аргентинхой иэшийна; билгала даккха деза, оцу массо а турнирашкахь Бидольо левзира шен командин йерриг матчашкахь. Аргентинхоша хьалхара кхо матч йоккхачу чоьтаца йаьккхина, ткъа финалехь йуха ловзуш Уругвайл иэшна олимпиада, тӀаьххьара дуьненайукъара турнир хилира Бидольон карьерехь.

Клубан тӀегӀанехь иза левзира кхин а кхаа шарахь. 1931 шо, аргентинин футболан историн хьалхара профессионалийн шо, чекхделира «Бокин» толамца, иза хилира Бидольон тӀаьххьара хӀонс. Шо чекхдаллалц ца ловза велира иза — «Эстудиантесан» дуьхьала матчехь иза Сосая Альбертца Ӏоттавелла, чӀогӀа лазийра, цуо цуьнан карьера сацийра.

Футболан карьера чекхйаьлча Бидольос электрик болх бира. Велла 1970 шарахь.

Хаза факташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1999 шеран футболех ловзаран Америкин кедехь Венесуэлин гулйина командин йукъахь левзира Аргентинехь вина Бидольо Эктор(ингалс.), иза вара Бидольо Людовикон кӀента кӀентан кӀант.[1]

«Бока Хуниорс»
  • Аргентинин чемпион (5): 1923, 1924, 1926, 1930, 1931
  • Аргентинин чемпионатехь 2-гӀа меттиг (3): 1927, 1928, 1929
  • Аргентинин чемпионатехь 3-гӀа меттиг (1): 1922
Аргентинин гулйина команда

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]