Чулацаман тӀегӀо

Маж

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Оьрсийн исбаьхьалча Верещагин Василий мажца

Маж — йуьхьан лахарчу декъан тӀе а, логан хьалхарчу декъан тӀе баьлла чо. Боьршачу стеган организмо тестостерон доккху шолгӀа сте-боьршаллин билгалонах цхьаъ. Маж йала йолало гӀашвока кхуьучу муьрехь.

Эволюцин маьӀна

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Маж, мекхаш, гиччош, ойла йича, лелош хилла боьршачу стага конкуренци ойуш, тӀемлоша йуьхь тӀе басарш хьакхар санна, цара тӀехьаьжча ойу статус нахана хьалха.[1][2] В. Р. Дольника тардолуьйтура, стеган еха месаш (къена павиан-маймалан кхес санна) айа тарло цуьнан статус нахана йукъахь. Ткъа Дарвин Чарльза лорура, маж кхоьллина сте-боьршалла билгала йоккхуш, хӀунда аьлча цуо стаг хазавар бахьнехь.

Ютин университетан биологашна хетарехь боьршачу стагана йала тарлора йуьхь тӀе хӀума тоьхча лаза ца вайта. Шайн гипотеза цара теллира экспериментан новкъаца. Цунна лерина талламан зорба туьйхира[3] Organismal Biology журналехь.

Керста наха маж мискаллица йусту[4]

Цара дӀатеттира уьйр можан а, хазаллин а йукъара. Маж хетарехь оьшу божаршна йукъара эффектан конкуренцина, хӀунда аьлча мажош йолу божарий хета к хӀучӀогӀа, агрессин, цӀена йаххьаш йаьшначарал лакхара статус йолуш.[1][2] Кхечу агӀора, историн кхиаран хӀокху заманахь, социалан статусан билгало ша маж йац, цуьнан йохалла а, шоралла а, кеп а йац, ткъа иза цӀена лелор ду, цуо гойту хьал хилар а, и маж йолчуьнан шен гигиена йукъара тӀегӀанехь хилар а, хьирчина мажо гойту мискалла, къоьлла, хӀусам йоцуш хилар, маж йаша гӀирс эца таро ца хилар. Иштта ойла йуьту гуонахьарчарна цигаьркан кӀура биллина мажо а. Можан Ӏуналлин тӀегӀане а, хьоле а, куьце а хьаьжжина, маж йерг тӀеоьцу йа киноседа санна, йа хӀусам йоцург санна. Иштта цӀе йолуш арабаьлла йаззам-таллам британин «Индепендент» газетехь.[4] Дукха хьолахь, хьо мажо хӀусам йоцучух тарво, боху Ӏиттарш, гуонахьарчаьргара ца хуьлу, царна оьшуш дац из адӀаала, ткъа иза долу гергарчаьргара, дукхах дерг хьан куьцан сагатдечу зудчуьнгара йа тӀехьийза йоьӀера[5]. Дукхах дерг, маж хиларна а, ца хиларна а йукъараллин хӀусам йоцучуьнан стереотайпа кхолладаран бехк бу МХГӀ[6]. Америкин а, шведийн а Ӏилманчаша цхьаьна талламан гуран чохь хӀусам йоцучу стаге хаьттича, цуо элира: «Нах сан ехачу месашка а хьожий ойла йо, со наркотикех воьзна ву йа тешам боцу стаг ву».[7] Йукъакара Малхбузехь йо дика даран кампанеш хӀусамаш йоцучарна гӀолаца ахча гулдархьама, можмаш а йахйолуьйтуш, «ХӀусам йоцучарна маж йахйалийта!» цӀе а туьллий[8][9][10], наггахь нахана дагадогӀий[11]. Практикера хьехарш, маж муха йахйо, цу тӀе хӀусам йоцучарах тар а ца луш, йаздина гӀарадаьллачу божарийн журналехь Men’s Health. ХӀусам йоцучарах тарво маж кхиаран тӀегӀанах олу «Йен Билан фаза», гӀарайаьлла «Ист-Эндан бахархой» телесериалан персонажан цӀарах. Маж кхиош эхь ца хетийта, хьехар до рузманехь араверавоцу денош харжа, маж кечйан хан а хир йолу[12].

Ширачу заманахь дуьйна йу погонофоби[en] — цабезам кхоьллина, можах кхераран фобин кеп, цуотайп-тайпана социалан а, политикин а бехкамаш бина маж кхиорна. Цунна дуьхьала йу бердизм[en] — можан агӀо лоцу болам, цуьнан меже йу Маж Маьршайаккхаран Фронт (Beard Liberation Front) шен Лондонехь штаб-квартира а йолуш. Боламан дозалла ду Йоккха Британин арахьара гӀуллакхийн министран дарже вар Кук Робин — маж йолу дуьххьарлера британин министр.

Мисархойн маж а, месаш дӀаехкар
(сурт Инжилан энциклопедин)

Ширачу Мисран берриг божарша маж йошуш хилла. Маж лелон бакъо хилла пирӀунан (ша дуьненан да вуй хаийтархьама), амма цуьнан маж тӀелатийна хилла. Иза парик санна тӀаргӀанах йа хедийна месех еш хилла, йукъахула дешин тайнаш а дуцуш, чӀингана кӀела хьалайоьхкуш хилла чимчаргӀица. Оцу церемонин можан лора тай-тайпана кепаш, амма уггаре чӀогӀа йаьржинарг хилла йуьххьехь чӀаба а йина дӀасаттийнарг, цициган цӀоганах терра.

Македонийн Искандара салташка омар дора мажош дӀайаша олий, мостагӀчуьнга тӀамехь схьа ца лацийтархьама.

Руман имперехь йаьна йуьхь, йоца месаш цивилизацин хиларан билгало йара, румхо «акха» къаьмнех къаставора. Оцу ламастан чаккхе йиллира императоро Адриана.

Кубинин Батистан ражан дуьхьала гӀовттамхой, коьртехь Ф. Кастро а волуш бевзира «барбудос» цӀарца — мажош йерш.

Типажаш муьрашкахула

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Можан модин историс гойту социалан факторан билгалабоккху Ӏаткъам магийна мекхийн, можмийн фасонан а, йукъараллин агӀора церан йукъаметтигна а.

Ширачу Мисрахь божарша дошура маж-мекх, кегийра тӀеоьхкина можмаш лелайора паччахьан доьзалан векалша[13]. Шира Желтойчохь маж йашар йукъадаьлла вайн эрал IV бӀешо хьалха, цигара иза схьаийцира румхоша Румо Желтойчоь йаьккхинчул тӀаьхьа[14]. Маж-мекхан мода йухайеира Румехь Адриан волуш[15]

Малхбузаевропин мехкийн документаш долу историс таройо боьршачу стеган куьцан стандарташ хийцадаларан процессан тергойан. Билгаладаьккхина законаш: еха месашна мода хилча мажош йацъеш хилла йа дӀайошуш хилла, ткъа йоцу месаш лелочу хенахь маж-мекхан йоккха терго еш хилла[15]. ТӀаьхьарчу ЙуккъерабӀешерашкахь а, хьалхарчу Ренессансехь (XIV—XV бӀешераш) а боьршачу стеган куьцан идеал йара жимхочух тера хилар муьлххачу хенахь а, боьрша стеган йуьхь йаьшна хуьлура. Бургундин модин муьрехь еха дӀайихкина месашца леладора доца маж-мекх[15].

Цул тӀаьхьарчу муьрехь (1500 шерера Ренессанс (1620) чекхйаллалц) массо а хенара дукхаха болчу божарша лелайора маж а, деха мекхаш а.

Барокко мур болабаларца (1620 шарахь дуьйна) маж модера дӀайелира, 1680 шо герга долуш мекхаш а дӀадевлира. Францехь, оцу хенахь Европин мода йукъайоккхуш хилла йолу, паччахьан гуоно, къоначу паччахьах Людовик XIV-гӀачух тарбала гӀерташ, цӀенна йуьхь йошура, мекхаш тӀемлоша бен ца леладора[15]. XIX бӀешо йуккъе даххалц маж йаьшна божарийн йуьхьан модел алсама йара. 1848 шеран революцел тӀаьхьа йуханехьа процесс йолайелира, иза йаьржира йерриг Европехула:маж-мекх боьршачу стеган куьцехь алсама хилира.

XX бӀешеран шолгӀачу декъехь дуьйна йаьшна йаххьаш массийн феномен хилира. Маж йашар а, маж лелор а хийцаран муьраш массийн феномен хилар дуста мегар ду оцу муьрашкахь божарийн идеале хьаьжжина. Майра божарийн идеал сов йолчу муьрехь модехь хуьлу мекхаш а, маж а, хӀунда аьлча уьш тӀеоьцу Ӏаламан а, уггаре къегина а майраллин хьесапаш а, сийлаллаш а санна. Вукха агӀора йукъараллин кхетамо божарий зударийн идеале балийча, божарий хуьлу мажош йаьшна. Алсама йолу тенденцеш даиман лелош йу бахархойн шуьйрачу чкъоьраша, говзаллех а йукъараллин статусех а дозуш доцуш. Амма даиман а шайн куц Ӏалашдеш, ламасташ лелош йукъараллин чкъоьраш ду.

ЙахӀудийн дин

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Танахехь жуьгташна цамагадо уьрсаца маж йаша:

Ма да́ша шайн кортош гуонахьара, ма талхае хьайн можан йисташ.
(Лев. 19:27)

Йаьшна маж сий дар лору (2 Цар.10:4-6, 1 Пар.19:4-6, кхин а). Ткъа тукарца маж ларгар хьарам дина дац.

Ца магоран бахьна хууш дац, тарло, Ширачу заманахь можан хатӀ этносан маркер хилла хила тарло. Керла заманахь къабала баржарца цамагоран мистикин маьӀна хилла. ГӀараваьллачу къабалахочо Рамхала Израилера Сийлахь Латтал арахьа вехаш ца лелийна маж. Тахна маж йашаран Ӏадат а, можан хатӀ а хийцало йукъараллашна йукъахь. Масала, хасидизмехь маж дӀайаккхар, йукъараллица зӀе дӀайаккхар санна лору, ткъа динехь болу сефардаш а, литвакаш а маж йашаран цхьа хьесап ца до. Массо а жуьгтийн йукъара ду, динехь боцучу жуьгтийн а, гергара стаг велча таӀзиятан баттахь маж ца йашар[16].

Дукхаха болчу исламан Ӏеламнехан ойланца маж лелор парз дух Ӏора бусалбачунна, ткъа иза йашар ца магийна[17] ду. Бусалбачарна лелийча дика лору буьйна хоъал еха маж[18]. Мекхаш ларгар а, маж йитар а догӀу адаман Ӏаламца (фитра)[19].

Дийцаршкахь, Мухьаммад пайхамаран заманахь мекхаш лелор а, маж йашар а цӀеран гӀуллакх дечеран къасторан башхалла хилла[20][21]. Ӏеламнаха, маж йошу стаг зударех тарлуш ву боху[22].

Маж йолу зударий

[бӀаьра нисйан | нисйан]
XIX бӀешеран афиша: Боккъал а маж йолу зуда. Мисс Энни Джонс Эллиот

Зударийн, божарийн санна, тарою маж лело (шурийн екхоашна ракан терапии ечу хенахь андрогенан стероидаш лелайахь муххале а). Генарчу заманера дуьйна ишттачу зударехь цецбуьйлура. Дукхаха болчу зударша дӀадошу йа бухдоху муьлхха чоьш йуьхь тӀера, ткъа цхьаболчара, нагахь йаккхий мажош евллехь, дахаран ахча доккху нахан хьалха АЦШхь йаьржина «Тамашенийн шоу» олучу гастролаш ечу циркашкахь гойтуш маж гойтуш. Йуьхь тӀера еха можан а, зударийн атрибуташ, масала йишлакхархочун лакхара аз, цуьнан куц-кеп гучудоккху кочан а контрасто гаранти ло кхечу циркан аттракционал алсама, цундела иштта зударийн белхан боккха харжам хуьлу, церан сценин гайтаманна дика мах ло.

Масала ду Пастрана Юлия.

Зударийн йуьхь тӀе хаъал чо баьлчи лелайо эпиляци.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Любовник или воин? Противоположные давления полового отбора на мужской голос и волосы на лице (ru) // Behavioral Ecology : журнал. — 2016. — Март (т. 27, № 2). — С. 512—519. — DOI:10.1093/beheco/arv178. — PMID 27004013.
  2. 1 2 Бороды усиливают представления о возрасте, социальном статусе и агрессивности мужчин, но не о привлекательности (ru) // Behavioral Ecology : журнал. — 2012. — Май (т. 23, № 3). — С. 481—490. — DOI:10.1093/beheco/arr214.
  3. «Преимущество в драках»: зачем нужна борода. Газета.Ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 3 сентябрь.
  4. 1 2 'Your beard makes you look like a film star... or homeless'
  5. How To Grow A Beard - Everything I've Ever Learned Next Luxury / Men's Style And Fashion
  6. Visual Rhetoric of a Public Controversy Архивйина 2020-10-26 — Wayback Machine
  7. Horticultural Therapy for Homeless People, 2007, p. 49.
  8. How low can you grow: Facial hair competitors showcase their whiskers to support homeless vets
  9. Bearded vets fundraise to support homeless
  10. Grow Your Beard For The Homeless
  11. Man grows beard for a YEAR to raise money for homeless people express.co.uk
  12. How to Grow a Beard Men’s Health
  13. М. Н. Мерцалова. Костюм разных времён и народов. Том 1. — М.: Академия моды, 1993. с. 19
  14. Ф. Ф. Велишский. Быт греков и римлян. — Прага: Типография И. Милиткий и Новак, 1878. — С. 232. — 670 с. — ISBN 5424172334, 9785424172335.
  15. 1 2 3 4 Л. Кибалова. О. Гербенова. М. Ламарова. Иллюстрированная энциклопедия моды. Артия, Прага, 1988. с. 353
  16. Маж — йаззам бу Жуьгтийн электронни энциклопедин
  17. Аль Мавсуатуль Фикхийятуль Кувейтийя: 35/225-226. — Кувейт, 1408/1988.
  18. Аз-Зухайли В. Аль-фикх аль-ислами ва адиллятух: В 11 т. — Т. 4. — С. 2659.
  19. Ат-Тирмизи М. Хадис № 2762 // Сунан ат-тирмизи. — С. 776.. — ««К «фитре» относится следующее: стрижка усов, отпускание бороды, чистка зубов палочкой «мисвак», промывание носа, обрезка ногтей, промывание меж пальцев, выщипывание волос под мышками, стрижка волос на лобке, подмывание водой и обрезание»».
  20. Ат-Тирмизи М. Хадис № 2768 // Сунан ат-тирмизи. — С. 776.
  21. ан-Навави Я. Сахих муслим би шарх ан-навави. — Т. 2. Ч. 3. — С. 146, 147.
  22. Абу Хамид аль-Газали. Ихья ‘улюм ад-дин. — Т. 2/257.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]