Чулацаман тӀегӀо

Пачхьалкхан думин председатель

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин председатель

Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин председатель Российн Федерацин пачхьалкхан даржех лакхарчех цхьаъ .

Дарже, Российн конституцин 101-гӀа йаззамца[1] а, Пачхьалкхан думин регламентца а, хоржу депутаташна йукъара бюллетенашца кандидаташна йукъахь къайлаха кхажтасарца, уьш йукъататта бакъо йу Пачхьалкхан думин фракцеш[2]; Думин сацам бан тарло кхаж биллина тасарехь.

Председателан йуьззина бакъонаш а, декхарш а дийцина ду регламентан 11-гӀа йаззамехь[3]; коьрта декхар — палатин хишарш дӀакхехьар.

РФ ФГ Пачхьалкхан думин председателан йьуьззина бакъонаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Пачхьалкхан думин «Регламентан» 11 йаззамца председателан йу лахара бакъонаш (йацйина):

  • палатин хийшарш дӀахьо;
  • палатин чоьхьара низаман белхаш леладо;
  • Думин аппаратан гӀуллакхан йукъара куьйгалла до, дарже хӀотта а во, даржера мукъа а воккху цуьнан куьйгалхо (Думин Кхеташонан пурбанца а, регламентан комитето кховдорца а), куьйгалхочун хьалхара гӀовс а, гӀовсаш а (куьйгалхочо кховдорца), ткъа кхин а сацам бо аппаратан куьйгалхочун хьалхара гӀовсанна цхьацца бакъонаш йаларехь;
  • Пачхьалкхан думин бюджетан смета чӀагӀйо;
  • РФ субъектийн пачхьалкхан Ӏедалан меженашна а, федералан центран а йукъахь барт боцург а, РФ субъектийн пачхьалкхан Ӏедалан меженашна йукъахь барт боцург а РФ Президентаца барт баран процедурашкахь дакъалоцу;
  • Думе оьху законан проекташ а, царна тӀейеина материалаш а хьажайо Пачхьалкхан думин комитеташка, фракцешка; бакъокхолларан Ӏилманан кхеташонна тӀедуьллу законашна экспертиза йар; РФ йукъараллин палатин профилан комитете хьажадо законан проектан экспертизан жамӀ;
  • Федерацин Кхеташоне къасто хьажадо Пачхьалкхан думо къобалдина Российн Федерацин законийн проекташ; Конституцин 105 йаззамца (5-гӀа дакъа) (Федерацин Кхеташоно къобалданза) РФ Президенте хьажадо Думо тӀеэцна федералан законаш;
  • Пачхьалкхан думин профилан комитете къасто хьажайо Думин сацаман проект а, цуьнца йолу материалаш а сацаман проект кеччо хан хӀотторхьама;
  • Пачхьалкхан думин сацаман куьг йаздо;
  • Пачхьалкхан думе йогӀу бюджетан а, налогийн а комитете къасто хьажайо Пачхьалкхан думе йеина РФ бюджетан, налогийн, таможнин-тарифан политикин проектийн коьрта агӀонаш а, РФ бехачу муьран бюджетан прогнозан проект (бюджетан прогнозан хийцамийн); Думин сессешна йукъарчу муьрехь хьажайо йийцина проекташ Федерацин Кхеташоне;
  • Думе беина РФ Правительствон нормативан бакъонан акташ кечдарх а, тӀеэца йиллинчу хенех а хаамаш хьажабо профилан комитеташка;
  • бюджетан а, налогийн а комитете хьажадо чоьтан муьрехь сурсаташ декъаран барт кхочушбаран белхан жамӀех долу РФ Правительствон доклад, РФ чоьтан палатин дерриг тайпана финансаш такхаран а, аудтитан объектийн чоьташна чоьтан операцеш а кховдораш сацор (тергонан);
  • федералан министрашка а, кхечу даржерачу нахе а кхойкху Пачхьалкхан думера депутатийн хеттаршна жоьпаш дала;

Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин председателийн исписка

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Сурт ЦӀе Дахаран шераш Председателлин терахь Парти Кхайкхам Председателан харжамаш
1
Иван Петрович Рыбкин вина 1946 шеран 20 октябрехь 1994 шеран 14 январера1996 шеран 17 январь кхаччалц Российн аграрийн парти I 1994
2
Селезнёв Геннадий Николаевич 1947 шеран 6 ноябрь —
2015 шеран 19 июль
1996 шеран 17 январь2003 шеран 29 декабрь РФКПРосси карлайаккхаран парти II-III 1996, 2000
3
Грызлов Борис Вячеславович вина 1950 шеран 15 декабрехь 2003 шеран 29 декабрь2011 шеран 21 декабрь Йукъара Росси IV-V 2003, 2007
4
Нарышкин Сергей Евгеньевич вина 1954 шеран 27 октябрехь 2011 шеран 21 декабрь2016 шеран 5 октябрь[4][5] Йукъара Росси VI 2011
5
Володин Вячеслав Викторович вина 1964 шеран 4 февралехь 2016 шеран 5 октябрера — тахана а[6] Йукъара Росси VIIVIII 2016, 2021

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Конституция Российской Федерации. Глава 5. Федеральное собрание. Статья 101. Администрация президента РФ. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 8 июль.
  2. Регламент Государственной думы. Глава 1, Статья 8, Пункт 2. (в ред. постановления Государственной думы Федерального собрания Российской Федерации от 9 октября 2007 года № 5134-4 ГД — Собрание законодательства Российской Федерации, 2007, № 42, ст. 4981). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 8 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 7 июлехь
  3. Регламент Государственной думы. Глава 1. Председатель Государственной думы. Первые заместители Председателя Государственной думы. Заместители Председателя Государственной думы. Государственная дума. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 8 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 31 январехь
  4. Об избрании Председателя Государственной Думы Федерального Собрания Российской Федерации, Постановление Государственной Думы от 21 декабря 2011 года №4-6 ГД. docs.cntd.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 17 апрель.
  5. "Путин назначил первое заседание Госдумы VII созыва на 5 октября". BBC News Русская служба. 2016-09-23. Дата обращения: 2020 ш. 17 апрелехь.
  6. Володин стал спикером Госдумы. lenta.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 17 апрель.