ПӀаьнгаз
ПӀаьнгаз | |
---|---|
Амалш | |
Дохалла | 28 км |
Шоралла | 5 км |
Майда | 140 км² |
Лаьтта меттиг | |
42°08′15″ къ. ш. 45°16′36″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьмнийн система | Кавказ |
Викиларми чохь медиафайлаш |
ПӀаьнгаз[1], ПӀаьнгазан чӀож (гуьрж. პანკისის ხეობა) — Гуьржийчоьнан къилбаседа-малхбалера чӀож.
Йолу меттиг
[бӀаьра нисйан | нисйан]ПӀаьнгаз чӀож лаьтта Гуьржийчоьнан КӀахетин къилбаседа-малхбалехь, Ахметан муниципалитехь, Борбало лам тӀиера схьадогӀу Алаз (Алазани) хин коьртехь. Гуьржийн-российн дозанах ломан дукъо къастийна, нийса 60 км ду чӀож. ЧӀожа йохалла йу 28 километр, шоралла 5 км. герга. ЧӀожахь лаьтта 16 нохчийн кистӀийн эвла.
Спероз дукъ долчохь Алаз эркан чукхета ши га: аьрру - Махвали, аьтту - Кочадала. Оцу меттигах кхин а Самкуре олу. ЧӀож, Борбало лам тӀиера Алазанин аре тӀекхаччалц, дохалла 34 км ду. Къилба доза чекхдолу Куртанадзеули эрк чухула. Хьостан малхбузехьа айабелла Сакисто лам, цунна дехьа Зурисгори дукъ ду, иза Уранан дукъан дакъа ду, чекхдолу Куртанадзеули эркан гергахь. Малхбален агӀора Накералан дукъал дехьа ду даккъаш – Доккха а, Жима а Уртанаули, Халацани, Цинубани, Корети, иштта малхбален доза кхочу Хорбало, Бахтриони лам уллехь, цигахь Алазани эрк доьрзу малхбалехьа, охьадоьду атагӀа чухула.
ПӀаьнгаз чӀожан амалехь йу шуьйра, тӀегӀанаш йолу а, аренан а ландщафт. ЧӀожан басеш тӀехь 2000-2200 м лакха валлалц гӀадужу хьаннаш йу[2].
ПӀаьнгаз дукъ
[бӀаьра нисйан | нисйан]ПӀаьнгаз дукъ тӀехула айаделла лаьмнаш: Усахело (2603 м), Тбатана (2457 м), Саканафос Сери (1856 м), Мтацминда (1508 м), Джабури (1474 м), Клдистави (1273 м), кхин а. Ткъа Бацари чӀож чохь лаьтта Пачхьалкхан базанан хьаннийн Бацарин заповедник[2].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]ПӀаьнгаз чӀожахь ширачу эвланийн лараш йу, кхузахь карийна борзанан муьрера хӀусаман гӀирсаш, тӀеман герз, артефакташ, тайп-тайпанарчу заманашкара нахарташ, кхин а хӀуманаш а.
Кахетин ворхӀ эриставаллин йукъа йогӀуш хилла ПӀаьнгазан (Марилиссан) эриставалла а, тӀаьхьуо, XVI бӀешарахь, иза хийцина кхоллаеллачу ПӀаьнгазан моуравалло. Ширачу заманахь дуьйна ПӀаьнгазехь бахархой луьста баьхна, цунна тешалла до тахане схьакхаьчначу оьздангаллин гӀишлоша, чагӀаран тоьланаш, кхабанаш, чагӀар доккху меттигаш, ткъа иштта - кешнаш, лардаран а, тергонан а бӀаьвнийн, гӀопийн саьлнаш.
КистӀий кхалхалца ПӀаьнгаз чӀож деса хилла, йуькъа хьаннаш а йолуш, акха стоьмийн дитташ а, цӀазамаш а долуш. Стоьмех алсама дара хьуьнан кхораш (панта), тера хета, чӀожан цӀе оцу дешах даьлла хилар. Хьаннийн басешкахь, оьздангаллин гӀишлошна гергахь тахана а кхуьуш йу акха кемсаш; дош дац, оцу хенан хӀусамаш ца йисар.
Ширачу заманахь дуьйна гуьржийн ламанхоша (пхий, цӀов-тушой, шой, мохлой) жигара гергарло леладора луларчу вайнахаца. Гуьржаша царех кистӀий олура. Тахана а дисина шортта бакъ долу дийцарш, истореш гуьржийн а, кистӀийн а йукъаметтигех лаьцна. Оцу тематико лоцу ладаме меттиг гӀарабевллачу гуьржийн йаздархойн кхоллараллехь, масала - Важа Пшавела, А. Казбеги, Г. Джабушанури, кхин а[2].
ПӀаьнгазе мухажаралла дар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гуьржийчоь къарйинчул тӀаьхьа (1801 шо), Российс мехкашдахаран тӀом болийра Къилбаседа Кавказехь (1817-1864 ш.ш.). ТӀех къизаллийца лелара инарла А. Ермоловс, нохчаша цунна чӀогӀа дуьхьало йира. Российн эскарш йагайора дийнна эвланаш, дийна йалташ, хьокхура стоьмийн бошмаш. КӀелхьара бовлархьама бахархой лечкъара лаьмнашкахь. Оцу хенахь алсама кхелхира нохчий Гуьржийчу, масала, Орган лакхенашкахь беха мӀайстой, маьлхий, тӀерлой, хилдехьарой. Ткъа кхалхарна Российн а, Гуьржийчоьнан а лаам цхьаьна богӀура: российн правительство гӀертара къар ца лун къаьмнаш гулахь ховшо, амма меттиг атта терго латто йиш йолуш хила йезара. Гуьржийчоь шен рогӀехь иштта лууш йара деса дисина чӀоьжнаш майрачу нохчийн тайпанашца дуза, цара аьттонца совцор дара дегӀастахойн тӀелетарш: оцу хенахь дегӀастанан элий гуттаренна а тӀелетара КӀахетин, масала, ПӀаьнгазан чӀожехула уьш кхочура Горин, Тианетин уездашка. Билгаладаккха деза, ПӀаьнгазе нохчий хевшича дегӀастанхойн тӀелетарш севцира.
Кхин тӀе шеш нохчий а бара кхалха бахьна долу: чӀира лелоран Ӏадатца дукхаха болчара лаамаза; кхин берш имам Шемалан хийцамаш ца безаш буьтура Даймохк, уьш ловчкъа меттиг лоьхуш бара Гуьржийчохь. Кхечу мехкашка кхелхинчу мухажирашка-нохчашка хьаьжчи, Гуьржийчу кхелхинчеран аьтту белира шайн ша-кепара йолу оьздангалла Ӏалашйан, хӀунда аьлчи гуьржий керста белахь а, гӀиллакхаш, Ӏадаташ тера догӀура.
ПӀаьнгазан чӀожера уггаре хьалхара эвла йу Дуй-Йурт, иза йиллина 1826 шо герга долуш Цицхашвили Дуис, нохчашна йукъахь гӀараваьлла волчу. 1835 шарахь кхин цхьамма Даркизанашвили Джоколос йиллира Джоколо эвла, цига цуо ша дехар дина, ховшийра шайн МӀайстара лаьхкина 54 цӀа. 1848 шарахь Балтагоран йисташкахула бехара 32 нохчийн доьзал, церан долахь дара охуш-дерзо латтанаш, уьш латтанаш лелош бара. 1858 шарахь Уомал эвла кхелхира Алванера 37 цӀа, ткъа бухахь бара кхуза кхелхина хилдехьарой. ТӀаьхьо Омало а, Биркиани а эвланашка кхалхийра кхин а 40 нохчийн доьзал.
Хан хене мел йолу нохчий хевшира ПӀаьнгазан чӀожера кхечу меттигашка а, иштта йехкира эвланаш Чхатана, Хораджо, Дзибахеви. Нохчашна тӀаьххье кхуза кхалха буьйлира Шой махкарчу Эрцо-Тианети а, Укана а эвланашкара шой, иштта йехкира масех жима шойн эвла: Кошкеби (Кварел-цкали), Каклиани, Дзибахеви, Бацара, Хадори, Толоша, Земо-Халацани.
XIX бӀешераш чекхдовлуш ПӀаьнгазан чӀожехь гучубевлира хӀирий, уьш коьртаниг богӀура Джаван чӀожера. Дукха хан йалале кхузахь йехкира хӀирийн эвланаш: Думастури, Квемо-Халацани, Цинубани, Корети[2].
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]Паьнгизан чӀожахь беха коьртаниг кистӀий — иштта олу Гуьржийчуьра нохчех, уьш бу XVI—XIX бӀешерийн мухажирийн тӀаьхьенех. Кхин а йу гуьржийн а, хӀирийн а эвланаш. 1990-гӀа шерашкахь кхуза дӀатарбелира Дуьххьара нохчи-оьрсийн тӀом болуш Нохчийчуьра тӀемах бевддарш. Хаамашца, 2008 шеран февралехь, чӀожахь вехара 600 стаг гергга Нохчийчуьра тӀемах бевдда мухажираш[3]. 2000 шеран июнан хаамашца, уьш 6500 стаг гергга вара[4].
ШолгӀачу нохчийн тӀамехь чӀожахь машаре бахархошца цхьаьна къайлабевлира тӀемлой а, царна йукъахь йара Гелаев Русланан тобанаш а. 2004 шеран аьхкен йуккъехь гуьржийн лерина ницкъашца а, Российн ФКХГӀца а ПӀаьнгазин чӀож цӀандира гӀеран векалех[5]. Амма цуьнга хьаьжина ца Ӏаш, тӀемлоша кхин дӀа а леладора ПӀаьнгазин чӀожах шайн база санна 2008 шеран август кхаччалц, церан цхьа дакъа тӀемашкахь хӀаллакдира, ткъа цхьа дакъа — дехьаделира ДегӀастанан а, ГӀалгӀайчоьнан а мехкашка.
Тайп-тайпана хаамашца 2012—2014 шерашкахь ПӀаьнгазан чӀожара 50[6] до 200[7] вахархо вахана тӀаме Исламан пачхьалкхан тӀемлошна йукъах. 2016 шеран 26 январехь РФ АГӀМ коьрто дӀахьедира, Российн агӀонан хаам бу, ца магийначу Исламан пачхьалкхан тобано Гуьржийчура ПӀаьнгазан чӀож шайн гӀуллакна лелош ду аьлла. И дӀахьедар Российн АГӀМ куьйгалхочо Лавров Сергейс дира пресс-конференцехь. Цу тӀе и дӀахьедар харц дархьама 30 январехь АЦШн Гуьржийчура векал Келли Ян а, Гуьржийчоьнан президент Маргвелашвили Георгий а хилира ПӀаьнгазан чӀожахь, цигахь къамелаш дира меттигерчу бахархошца. Гуьржийн паччахьа комментареш ца йира Лавровн дешнашна. Америкин дипломата элира: «АЦШс Гуьржийчоьнца цхьаьна чӀогӀа дика болх бо терроризман дуьхьала. Суна йуха а билгалдаккха лаьа, ПӀаьнгазехь террористийн база йац»[8].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Чокаев, 1991, с. 13.
- ↑ 1 2 3 4 Автор статьи Туми Дишни (Нона Хангошвили). Панкиси и Кистины
- ↑ Грузия опровергла информацию о боевиках в Панкисском ущелье // РИА Новости, 9 февраля 2008 Архивйина 2008-02-10 — Wayback Machine
- ↑ Грузинская Ичкерия Архивйина 2004-11-05 — Wayback Machine
- ↑ В Ущелье Нет Боевиков Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ США включили экс-военного из Грузии в список известных террористов — Михаил Вигнанский — Российская газета
- ↑ «Был бы зал для регби — не нужен был джихад»
- ↑ Посол США в Грузии опроверг информацию о базах ИГ в Панкисском ущелье: Кавказ: Бывший СССР: Lenta.ru
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Чокаев К. З. Вайн мотт – вайн истори(нох.). — Соьлжа-ГӀала: Нохч-ГӀалгӀайн арахоьцийла-полиграфин цхьаьнакхетар "Жайна", 1991. — ISBN 5-7666-0243-0.