Румера Папа
Румера Папа | |
---|---|
Дин | Католицизм, католикин килс, западное христианство |
ГӀуллакхалла | papacy |
Динлелор | Католицизм, католикин килс, западное христианство |
Сайт |
vatican.va/holy_f…(ингалс.) vatican.va/holy_f…(итал.) vatican.va/holy_f…(нем.) vatican.va/holy_f…(испан.) vatican.va/holy_f…(порт.) vatican.va/holy_f…(франц.) vatican.va/latin/…(лат.) |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Римера Папа- Руман епископ а, дерригдуьненан Католикийн Килсан мозгӀар а, Ватикан пачхьалкхан куьйгалхо а. Папалла- Римера Папа Католикийн килсан тхьамда веш йолу динан Ӏилманан а, политикин а институт.
Папа Сийлаллин Паччахьаллан лакхара урхалча ву.
Папин резиденци Ватиканехь йу.
Сийлахь цӀе
[бӀаьра нисйан | нисйан]Римера Папа (латинан маттахь Pontifex Romanus — Риман понтифик; йа Pontifex Maximus — лакхара шен лаамехь волу понтифик)- дуьненйукъара бакъонехь къаьсттина башхала йолу адам ду (persona sui generis). Папан 3 бовваьлла (къаьстина) Ӏалашо ю:
- Сийлаллин Паччахьаллан тхьамда а, суверен а.
- Сийлахь Пётран (Римера хьалхара епископ) когаметтаниг хиларе терра- Католикийн килсан гуш волу тхьамда а, цуьнан лакхара иерарх а.
- Пачхьалкх-гӀала йолу Ватиканан суверен а.
«Папа» дош грекийн маттер тӀеэцна ду — πάππας. Нохчийн маттахь «да» маьӀан ду цуьнан.
Сийлаллин Паччахьаллан суверенитетах схьайолуш йу Ватиканан шен лаамехь хилар. Иза бакъдина 1929-чу шарахь Латеранан бартбарца.
Католикийн хьехамехь дуьйцу Папа хьалхарчу Риман епископан Сийлахьчу Пётран когаметтаниг хилар. Цундела, Килс чохь тхьамдалла йолуш ву иза.
2013 шеран 13-чу мартехь Римера папа хаьржира Аргентинер волу Хорхе Марио Бергольо. Цуьнан керла цӀе Франциск йу.
Римера Папан леррина титулш:
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дукха титулш йу Папан: Риман Епископ а, Ӏийсан викари (гӀовс) а, апостолшан Элан когаметтаниг а, Дуьненан килсан лакхара а, хьалхара мозгӀар а, сийлахь-воккха понтифик а, Италин Примас а, Риман провинцин архиепископ а, митрополит а, гӀала-пачхьакх йолу Ватиканан суверен а, Делан лейн лай.
Латинан маттахь:
- Episcopus Romanus
- Vicarius Christi
- Successor principis apostolorum
- Caput universalis ecclesiae
- Pontifex Maximus
- Primatus Italiae
- Archiepiscopus ac metropolitanus provinciae ecclesiasticae Romanae
- Princeps sui iuris civitatis Vaticanae
- Servus Servorum Dei
2006 шарахь XVI Бенедиктас папан титулатурер «Малхбузера Патриарх» сийлахь цӀе дӀайаьккхира.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Исторехь къастайо папаллан рогӀера муьраш:
- Керста динан йуьхь (30-325 шераш).
- Константин императоран а, остготашан а мур (313—493). Цу муьрехь Риман имперехь керсталла «пачхьалкхан дин» статусехь йара.
- Остготийн мур (493—537).
- Византийн мур (537—752).
- Франкийн мур (756—857).
- Папалла осалдаьлла мур (1048 шо кхаччалц). Папалла Ӏаткъам болу доьзалшан карахь (порнократи а, Тускулум доьзал а, Крешенци доьзал а).
- Папалла чӀагӀделла мур (1048—1257).
- Риман дозанал арахьара резиденцешкахь Ӏийна Папаш (Витербо а, Перуджа а, Орвието а) (1257—1309).
- Авиньон-гӀалахь папашан «йийсар» (1309—1377).
- Малхбузехь барт бохар (1378—1417).
- Ренессансан мур (1417—1534).
- Реформаци а, Контрреформаци а (1517—1585).
- Барокко хан а (1585—1689), Серлонан зама а.
- Папалла карчамаш хилчу хенашкахь (1775—1861).
- Риман хаттар (1861—1929).
- Кхузаманан мур (1929 шо дуьйна).