Чулацаман тӀегӀо

Салафият

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад

Салафият (Ӏаьр. سلفية‎‎‎) — суннатхойн исламехь болу некъ бу, коьрта кхайкхам бу бакъ хилл болу салафах (Ӏаьр. السلف الصالحون‎‎ — ас-саляф ас-салихун) масалла эцар.

Салафият дешнан маь|на ду «Пайхмар ﷺ а,цуьна асхьабаш а ма кхеттар,динах кхетар», Шари|ато ма бохху Къуран а,суннат а лела дар

Салафийн йукъар лору, къаьстина, аш-Шафии, Ибн Ханбал, Ибн Таймия, «Бусалба вежарий» ц|е йолу Мисрера тоба а, Мухаммад ибн Абд аль-Ваххаб а.

Салафийн коьрта |алашо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Салафийн коьрта бакъо йу - цхьа а шеко йоцуш Аллах| дела,шеца цхьа а накъост воцуш цхаъ хиларх тешар (Таухид). Ткъа салафаш шайн коьрта декхар лору Ислам-дин шех хийра долу х|уманах ц|ан дар. Цара т|е ца лоцу ,шайн хетарехь,наха динан керла йукъ даьхна х|умнаш (Бид|ат).

Салафиташ ца магдо эвлаяъ кошан т|е зиярт дан эхар, царна |ибадат дар санна лору иза. Ца магдо цара Мухьаммад ﷺ пайхмар деха а ,йа кхечу пайхмарг деха а.

Салафийн |елам-нах

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Мухьаммад |абд аль-Ваххаб

|абдурахьман бин Насир ас-Са|ади - Са|уди паччхьалкахь г|араваьлла волу Къуран тидархо а, бакъо йовзархо а ву.

|абдул-|азиз ибн Баз - 1993 дуьнна 1999 шо кхаччалца Са|уди паччхьалкан лекхара муфти.

Насируддин Албани - Албани паччхьалкара г|арваьлла хьадис довзархо.

Мухьммад ибн Салихь аль |усаймин - Са|уди паччхьалкара г|арваьлла бакъо йовзархо.

Салихь аль-Фавзан - Са|уди паччхьалкара ислам динан |илманхо,|илм долу бакъо йовзархо.

Раби аль-Мадхали - вайн хенан,Са|уди паччхьалкара, г|арваьлла салафийн |илманхо.

Салихь аль аш-Шейх - Са|уди паччхьалкара динан |илманхо, Дин-г|улкхийн а,дин кхайкхаман а хьехаран а министр.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]