Сийлахь Руман импери
Сийлахь Руман импе́ри[1], 1512 шарахь дуьна — Сийлахь Руман импе́ри герма́нин къоман (лат. Sacrum Imperium Romanum Nationis Germanicae йа Sacrum Imperium Romanum Nationis Teutonicae, нем. Heiliges Römisches Reich Deutscher Nation) — немцойн, италихойн, балканийн, франкийн, малхбузаславянийн пачхьалкхийн а, къаьмнийн а пачхьалкхан тӀехулара барт, иза лаьттина 844 шеран дохаллехь: 962 шерера, импери кхакхийначу меттигера Германин паччахьан Сийлахь волчу Оттон I Руман папас Иоанн XII хьалхарчу денйинчу Руман империн императоран таж тиллинчу хенара, 1806 шарахь императоро Наполеон I Бонапарта, импери формалан дӀайаккхалца, кхоьллина Рейнан барт Хьалхара Французийн импери КхоалгӀа Антифранцузийн коалицин тӀамехь триумфан толаман жамӀца.
Сийлах Руман импери уггаре чӀ огӀ а къегинчу муьрехь цунна йукъайогӀ ура: Германи, цуьнан историн хӀ оъ бара, къилбаседа а, йуккъера а Итали, Лахара Латтанаш, Чехи, кхин а Францин цхьацца регионаш. 1034 шарахь дуьйна Сийлахь Руман импери лаьттара формалан кхаа паччахьаллех: Германех, Италех, Бургундех. 1041 шарахь империн йукъа чаккхенца йахана Олалла Чехи, цунах 1198 шарахь хилира паччахьалла Чехи (официалан и статус империн йукъахь цунна тӀ ехьа чӀ агӀ йина сицилин дешиш буллехь 1212 шарахь). Ткъа 1197 шарахь дуьйна империн паччахьаллашна тӀ екхийтира Сицили. Импери йиллина 962 шарахь Германин паччахьо Оттон I, цуьнга хьовсура нисса дӀ а антикаллин Руман империн а, Сийлахьчу Карлан франкийн империн когаметта йолуш санна. Империн йукъадоьду йуккъера Ӏ едалан субъекташца йукъаметтигийн хийцамийн хьесапаш, импери йолчу йерриг исторехь, хуьлура Ӏ едалан децентрализаци. Импери шен йерриг исторехь йуьсура децентрализаци йина кхоллам чолхе феодалан иерархин структурица, цуо цхьаьнатухура масех бӀ е мехкан-пачхьалкхан кхоллам. Империн коьртехь лаьттара император. Императоран титул когаметта йуьтуш йацара, ткъа лора курфюрстийн коллегино харжаран жамӀ ашца. Императоран Ӏ едал цкъа а дацара абсолютан, цуьнан доза дара Германин лакхара аристократи, ткъа XV бӀ ешеран чаккхенгара — рейхстагца, цуо коьрта чкъоьрнийн хьашташ кхочуш дора.
Ша йолчу хьалхарчу муьрехь феодалан-теократин пачхьалкхан амалаш йара, ткъа императорш керсталлин дуьненахь лакхарчу Ӏ едалан претенденташ бара. Папин Ӏ арш чӀ агӀ йалар а, дуккха а шерашкахь Италин доладаран къийсам, цхьаьна хенахь Германин элийн ницкъ айабаларца гӀелйдира йуккъера Ӏедал империн. ЙуккъерабӀешерийн тӀехьо совдуьйлура децентрализацин Ӏедал. Иштта кхиарца империн чуйоьду субъекташ хила йезара ахмаьрша. Амма XV бӀешеренан чаккхенгахь — XVI бӀешеран йуххьехь йина «империн реформо» таро йелира йуккъера Ӏедалан Ӏаткъам совбеккха, кхолла Ӏедалан керла баланс императорна а, чкъоьрнашна а. Реформацин а, Кхойтта шеран тӀеман а Европера къоьлла дӀайаьккхира императоран Ӏедална доза тохарца а, чкоьрнашнайукъара рейхстагах империн конструкцин коьрта дакъолг дарца. Керла заманан империно латтадора цуьнан субъекташ шешша халар, кхин а ларйора ламаста бакъонаш а, аьттонаш а чкъоьрнийн. Имперехь масех конфесси йара, Вестфалан машар бинчул тӀехьа империн католикаша динан тӀом ца бора протестанташца. Кхойтта шеран тӀом чекхбаьллачул тӀехьа ойла йацара Ӏедалан централизацин. Протестантийн олаллаш кхиар, царна йукъахь чоьхьара консолидацин новкъа а, шайн Ӏедалалла хӀоттар, дуьхьала дара империн структурица, оцу йукъахь протестанташ ларбархьама.
Протестанташ орамаш тасаре хьаьжна ца Ӏаш, империно кхин дӀа а ларбора Европин католикаш туркойх, тӀемашкахь ларйора автономеш католикин латтанийн.
XVIII бӀешарахь лагӀбелла империн системера йуккъера институтийн Ӏаткъам. Сийлахь Руман импери лаьттина 1806 шо кхаччалц, дӀайаьккхина наполеонан тӀемаш болучу хенахь, оцу замнахь кхоьллина Рейнан барт, ткъа тӀаьххьара император Франц II Габсбург Ӏаршах дӀакъаьстина.
ЦӀе
[бӀаьра нисйан | нисйан]962 шарахь кхоллайелла Сийлахь Руман импери претендент йара когаметта хила антикаллин Руман империн а, Карл Сийлахьволчун Франкийн империн а, иза гӀертара дерриг европин керстачеран дуьне вовшахтоха пачхьалкхан кхоллам хила.[2]. Оттон I Сийлахьверг, Сийлахь Руман империн хьалхара монарх, лелайора титул imperator Romanorum et Francorum (лат. маттера гочдича — «император румхойн а, франкийн а»[3][K 1]). Империн хӀоъ даиман Германи йелахь а, цуьнан сакралан йукъ йара Рум: оцу гӀалахь XVI бӀешо кхачале таж туьллура императоршан, нисса Румехь, Йуккъера бӀешерашкахь хетарехь схьадолура церан делан Ӏедал. «Руман император» титул лелайора Оттон II Хьаьрсачо (973—983), ткъа дешнаш «Руман импери» дуьххьара хьахийна 1034 шеран хьосташкахь. Оццу хенахь, титул лелоро цӀеххьана ца безам латтабора Византехь, цигахь лорура, веккъа византийн императорх ала бакъо йу руман император, цигахь къобал бора Карл Сийлахьволчун когаметтаберш а, Сийлахь Руман империн урхалчаш императорш а ца ллуш а, даимна а ца бора[4].
Сийлахь Руман империн монархаш претенденташ бара шен махкахь лакхара синмехаллин Ӏедална, цара кхочуш йора ларйрхойн а, верасан а роль керстачеран килсан. Йуьхьанца иза титулатурехь хьехо оьшуш дацара, амма инвенститурин къовсам чекхбаьллачул, синмехаллин кхачонера руман папин локхаллин идей йаьржинчул тӀехьа, империн цӀарна тӀетоха долийра дош «Сийлахь» (лат. Sacrum; дуьххьара, тера ду, иза хилла 1157 шарахь)[5], цуьнца цхьаьна буха сиз хьокхуш килсан йукъаметтигашна[K 2]. Эпитет «Сийлахь» лелор пачхьалкханна, схьагарехь, керла хӀума дара императоран Фридрих I Барбароссин канцелярехь кхиина[6] (1152—1190). Ша цӀе «Сийлахь Руман импери» цуьнан латинан версехь Sacrum Romanum Imperium дуьххьара йукъадаьлла 1254 шарахь, ткъа цууьнан эквивалент немцойн маттахь (нем. Heiliges Römisches Reich) — кхин а бӀешо даьлча, Карл IV (1346—1378) урхаллехь[5].
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Империн эскар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Комментареш
- ↑ Однако, чаще Оттон I и его ближайшие преемники использовали титул imperator augustus.
- ↑ Соединение верховного светского и духовного начала в личности императора имело византийские корни, хотя Византия противостояла Священной Римской империи в борьбе за честь считаться наследницей Древнего Рима и не признавала титул римского императора за германскими монархами.
- Хьосташ
- ↑ Священноримская империя // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
- ↑ Рапп, 2009, с. 8—9.
- ↑ Рапп, 2009, с. 65.
- ↑ Рапп, 2009, с. 65—66.
- ↑ 1 2 Sitzmann M., Weber C. Übersichten zur Kirchengeschichte. — Vandenhoeck & Ruprecht. Архиван копи 2016 шеран 27 декабрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Moraw, P. Heiliges Reich. // Lexikon des Mittelalters, Bd. 4.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Кеп:Книга:Балакин В.Д.: Творцы Священной Римской империи
- Балакин В. Д. Итальянская политика Оттона I. (К вопросу о происхождении Священной Римской империи) // Средние века. Вып. 62. — М.: Наука.
- Брайс Дж. Священная Римская империя. — М., 1891.
- Кеп:Книга:Бульст-Тиле Мария Луиза, Йордан Карл, Флекенштейн Йозеф: Священная Римская империя: эпоха становления
- Кеп:Книга:Властные институты и должности в Европе
- Всемирная история. Т. 3—5. — М., 1957.
- Кеп:Книга:Грёссинг З.: Максимилиан I
- Кеп:Книга:Егер О.: Всемирная история
- Кеп:Книга:Егер О.: Всемирная история
- Кеп:Книга:Егер О.: Всемирная история
- Галанза П. Н. Феодальное государство и право Германии. — М., 1963.
- Колесницкий Н. Ф. «Священная Римская империя»: притязания и действительность. — М.: Наука, 1977. — 200 с. — (Академия наук СССР. Научно-популярная серия).
- Прокопьев А. Ю. Германия в эпоху религиозного раскола: 1555—1648. — СПб., 2002. — ISBN 5-93762-014-3.
- Рапп Ф. Священная Римская империя германской нации. — СПб.: Евразия. — ISBN 978-5-8071-0327-7.
- Хёфер М. Император Генрих II. — М.: Транзиткнига. — ISBN 5-9578-2270-1.
- Шиндлинг А., Циглер В. Кайзеры. — Кеп:Ростов н/Д, 1997. — Кеп:ISBN с опечаткой
- Angermeier H. Reichsreform 1410—1555. — Кеп:Münch., 1984. — ISBN 3-406-30278-5.
- Hartmann P. C. Das Heilige Römische Reich deutscher Nation in der Neuzeit 1486—1806. — Кеп:Stuttg., 2005. — ISBN 3-15-017045-1.
- Herbers K., Neuhaus H. Das Heilige Römische Reich — Schauplätze einer tausendjährigen Geschichte (843—1806). — Köln, Weimar 2005. — ISBN 3-412-23405-2.
- Press V. Kriege und Krise. Deutschland 1600—1715. — Кеп:Münch., 1991.
- Prietzel, M. Das Heilige Römische Reich im Spätmittelalter. — Кеп:Darm., 2004. — ISBN 3-534-15131-3.
- Rapp, F. Svatá říše římská národa německého. — Praha.
- Schmidt, G. Geschichte des Alten Reiches. Staat und Nation in der Frühen Neuzeit 1495—1806. — Кеп:Münch., 1999. — ISBN 3-406-45335-X.
- Schindling, A. Walter Ziegler (Hrsg.): Die Kaiser der Neuzeit 1519—1806. — Кеп:Münch., 1990. — ISBN 3-406-34395-3.
- Schindling A. Der Westfälische Frieden und der Reichstag // Politische Ordnungen und soziale Kräfte im alten Reich. — Wiesbaden: Hermann Weber.
- Wesel, U. Geschichte des Rechts. Von den Frühformen bis zur Gegenwart. — Кеп:Münch., 2001.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Деревягин Валерий Андреевич. sovino — Священная Римская Империя Германской Нации. — Сайт с нумизматической составляющей. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 1 март.
- Основные правовые акты Священной Римской империи(нем.)
- Вормсский конкордат 1122 шоа (ТӀе цакхочу хьажорг — истори, копи)(оьр.)
- Соглашение с князьями церкви 1220 г. (ТӀе цакхочу хьажорг — истори, копи)(оьр.)
- Постановление в пользу князей 1232 г. (ТӀе цакхочу хьажорг — истори, копи)(оьр.)
- Золотая булла 1356 шоа (ТӀе цакхочу хьажорг — истори, копи)(оьр.)
- Вестфальский мирный договор 1648 шоа(нем.)