Тропикан климат
Тро́пикан кли́мат — тропикашкара климат. Тропикан климатан амалехь ду температураш шеран заманашкахь кӀезиг техкар[1].
Алисовн климатийн классификаци
[бӀаьра нисйан | нисйан]Алисовн климатийн классификацица тропикан аса лаьтта субтропикан а, субэкваторан а асанашна йукъахь[1].
Тропикашкахь лахарчу аткъаман асана шинне агӀора экваторца йохалла лаьтта лакхарчу атмосферан Ӏаткъаман зонаш. Океанашна тӀехула кхузахь хуьлу пассатан климат гуттаренна а малхбален мехаш долуш, царех пассаташ олу. Хенан-хӀоттам кхузахь дикка бекъа хуьлу (500 мм гергга шеран йочанаш), барамера мархашца, аьхкенан йуккъера температура 20—27 °С, Ӏаьнан — 10—15 °С. Йочанаш цӀеххьана тӀекхета гӀайренийн мох хьоькху ломан басешкахь. Тропикан циклонаш дикка кӀезиг йу[1].
Оцу океанийн областашца латта тӀехь йогӀу тропикийн гӀум-аренийн зонаш йекъа тропикан климатца. Уггаре бовхачу беттан йуккъера температура Къилбаседа эхигехь 40 °С гергга йу, Австралехь 34 °С гергга. Африкин къилбаседехь, Калифорнин чоьхьарчу кӀошташкахь, терго йина Дуьненан уггаре лакхарчу температурийн — 57—58 °С, Австралехь — 55 °С гергга. Ӏай температураш охьайовлу 10 — 15 °С кхаччалц. Дийнахь-бусий температура чӀогӀа хийцало, амплитуда хила тарло 40 °С сов. Йочанаш кӀезиг хуьлу — 250 мм кӀезиг, дукха хьолахь шарахь 100 мм сов ца йовлу [1].
Дукхаха йолчу тропикан регионашкахь — Экваторан Африка, Къилба Ази а, Къилба-Малхбален Ази а, къилбаседа Австрали а — пассаташ хийцало муссонийн тропикан климатца. Кхузахь аьхка конвергенцин чоьхьара тропикан зона дӀахуьлу генна экваторан къилбаседехьа. Иза бахьнехь малхбален пассатан хӀаваан массаш хийцало малхбузан муссонашца, цунах доьзна ду кхузахь хуьлу йочанийн коьрта дакъа[1].