Чулацаман тӀегӀо

Туьнкалг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Харьковн ЙЭЦ туьнкалг (330 метр)
Болатан туьнкалг

Ту́ьнкалгдагаран сурсаташ атмосфере дӀадохуьйту ирахь лаьтта биргӀан гӀирс. Туьнкалган болх баран хьесап доьзна ду озоран эффектаца, цуцо газан массаш дехьаозайо туьнкалган чу доьда Ӏуьргера арадолучу Ӏуьрге кхаччалц. Туьнкалгаш хила тарло гоьрга, овалан, шортта сенаш долуш, йо уьш ца богучу гӀирсах — Ӏаламан тӀулгах, кибирчигах, кхийранах, асбоцеманцах, металлах йа бетонах. Промышленностан туьнкалгаш масех бӀе метр лекха хила тарло.

Туьнкалгийн хьала-охьа, пурх, анасизаца хершнаш хуьлу пешийн, пилтийн, кхин дагорг лелочу гӀирсийн кӀура дӀабохуьйтучу системашкахь[1]. Туьнкалг чухула йоьду газаш кӀура лела биргӀан чу а йоьдий, тӀаккха арахоьцу атмосфере. Цхьаьна биргӀан тӀе масех туьнкалг таса а мега.

Дуьххьара туьнкалгах лаьцна йаздина греко Теофраста вайн эрал хьалхара IV бӀешарахь[2]

Антикан дуьненахь лелайора гӀишлонан пенашна йукъахула йоьду биргӀанаш газаш пурнин чура дӀайахийтархьама, амма боккъал а йолу биргӀанаш Европехь йукъаевлира XII бӀешарахь. Промышленностан кӀура дӀабохуьйту биргӀанаш йукъаевлира XVIII бӀешо чекхдолуш.

Туьнкалгаш кхоллайалар уьйр йолуш ду доздаран системашца. Уггаре атта йинариг царех — гуонаха тӀулгаш дехкина цӀе. Ишттачу йохйаран «конструкцино» таро лора ширачу заманахь цӀеран уллехь вохвала, кечбан цхьа атта кхача. Йовхо алсама латтийта хӀун дан деза боху хаттар адамаша тӀаьхьа хӀоттийра, шеш къилбаседехьа гена мел кхелха. Масала, Уссурин зонехь, и мехкаш тела волу йаздархочун-новкъахочун В. К. Арсеньевн тешаллашца, Корейра охьахешинчеран хӀусамаш йохйора чӀогӀа тамашийна туьнкалгашца, цуьнан харшаш дехкина дара цӀийнан цӀенкъа бухахула, нах бехачу зонашкахь, уьш бохбеш. КӀура араболара хара йолчу диттан чухула, иза туьнкалган арахьара декъан метта дара.

Ткъа Русехь йохйаран система лелош хилла туьнкалгаш а йоцуш — тхьов тӀаьхь Ӏуьрг доккхий. XVII бӀешо кхаччалц гӀаланашкахь массо а адамийн чкъоьрийн пешаш иштта йара. И чоь йохйаран хьесап кхераме а дара, хӀунда аьлча цӀа чохь гуллора адаман зуламе йолу хьаьха газ. Ткъа кхин а иштта йохъен хӀусам чӀогӀа хаза ца хуьлура — пенаш гуттара цӀандан дезаш хуьлура. Пешашна кир тохар лелош ду генара схьа, йуьхьанца и пеш хазъян тухуш бацара, ткъа тухура пешо болх муха бо хьожуш — кӀайчу тӀоьхалонехь дика хаало муьлхха а, лелхарш, херонаш, цигахь кӀурз буьллу.

Туьнкалгийн Ӏалашо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Туьнкалгийн коьрта Ӏалашо йу газаш (дагорган дагаран сурсаташ пешан чуьра) арайахар. Цаьрца ухьаьна туьнкалгехула арабоккху кӀур, кӀурз, чим, уьш, нагахь туьнкалг чухула нийса ца йинехь охьаховша тарло туьнкалган чухулара пенашна тӀе, тӀаккха тӀаьхьа газаш чекхйовла новкъарло йо. Иза ца хилийтархьама, туьнкалг чухула ма-ялло шера йан еза, оьрнаш а, херолаш а, аратаьӀна хӀума а доцуш, кӀурзан «тасабала» меттиг ца хилийтархьама. Амма мегар дац туьнкалг чухула поппарца хьаха, цуо йовхо гӀуо чекхйолийта, конденсат а хилла туьнкалг тӀунъян тарло, тӀаккха хӀаваан циркуляци (уозор) гӀуо хир йу.

Туьнкалгийн кхин цхьа Ӏалашо йу пешан дика уозор латтор, иза дозу туьнкалгийн кӀур дӀабохуьйту харшан шораллийца а, локхаллийца а. Туьнкалгах арайолучехь дагаран сурсатийн температура хила тарло 373 К сов (100°С гергга), цуо таро йо йохйаран конструкцехь ша уозор дан — хӀаваан довха чӀоьрнаш шийлачаьрца хийцаран новкъа. Цундела туьнкалган пенийн стоммалла хила йеза цхьаъ ах кибарчиг йа сов (ораман тайпана туьнкалгийн уггаре хуьлу иза), ткъа локхалла — 5 метр а, сов а, пешан тӀиера хьала.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. К примеру, в конструкции русских печей предусмотрены горизонтальные участки дымохода для обогрева помещений; они позволяют снизить скорость газового потока и эффективную передачу тепла ограждающей конструкции дымохода, которая в свою очередь передает тепло в помещение
  2. Джеймс П., Торп Н. Древние изобретения. — Мн. — 1997 — Стр. 523 — ISBN 985-438-139-0