Чулацаман тӀегӀо

Бадами

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Бада́ми (канн. ಬದಾಮಿ), шира цӀе Вата́пиХӀиндин Карнатака штатера Багалкот гуонан гӀала. Изза цӀе йолчу талукан административан центр.

540—757 шш. ширачу Чалукийн коьрта шахьар хилла, цуо куьйгалла дина хӀинцалерачу Карнатакан а, Андхра-Прадешан а доккхах долчу декъан.

2001 шарахь бахархой багарбарца Бадамехь 25 851 стаг веха.

Уггара уллора аэропорт йу Белгаумехь, 150 км генахь.

ГӀала йевза шен культан гӀишлошца, хьалхарчу рогӀехь йеа кир-маьӀданах лаьтта тархах йаьхначу хьехан килсашца.