Википеди:Таллар
ХӀара агӀо Нохчийн Википедин бакъонийн а, куьйгаллин а дакъа ду. |
Теллина версеш — агIонийн версеш ю билгалонца, уьш чекхъевлла хьалхарчу талламах, царна чохь дац оьзда доцу хIума а, кхин ладаме талхораш а.
Коьртаниг яздар муха ду хьажар ду, хӀунда аьлча наха хӀуъа а яздо.
Таллархо байракх
[нисйан]Юхудоккхучун байракх
[нисйан]Юхудоккхучун байракхо таро ло, редакци яран агIо дIа а ца йоьллуш цхьаьна декъашхочун агIон тIиера тIеххьара нисдарш «сихха юхадаккхар» дан а, бахьана яздан а. Иштта юхадаккхар луьра низамехь ду. Бакъо ю юхадаккха билггала вандализм, хууш спам я шозза язйина текст елахь, авторийн бакъонаш (хьалхара язйинарг юхадаьккхина хила деза комментарица а, хьажоригца а бух копивио тIе) йохаяхь, шегара нисдарш дахь, кхин а юхадаккха магадо ВП:Юхадаккхар#Юхадаккхар лелор декъехь долчу кхечу бахьанашца а.
- Ша шен (шен ботан) хийцамаш юхабаккхар;
- Гуш болу зен дархьама бина хийцамаш: цхьа а маьӀна доцу текст, сийсаздаккхар я агӀонан чулацам дӀабаккхар;
- Гуш долу авторан бакъонаш талхаяр, я спам;
- Гуш долу Википедин бакъонаш талхаяр;
- Блоктоьхна декъашхойн хийцамаш юхабаккхар, нагахь декъашхой гуо баьккхина чубовлахь;
- Википедин бакъонашца йогӀуш йоцуш йолу агӀонийн цӀераш юхаяхар;
- Декъашхойша я боташ беш болу алсама хийцамаш кхечу декъашхошца бертахь беш бацахь я харц белахь;
- Шен долара меттахь бина хийцамаш (шен дийцаран агӀо йоцург), оцу юхадахарша авторан бакъонаш талхаяр меттахӀоттош дацахь, сийсаздахараш я муьлхха а кхечу тайпана Википедис магийтина боцу чулацам;
- Чухалахар спам (декъашхошка цхьаьна гӀуллакхехь дакъа лаца кхойкхуш шортта дӀасадахьийтар я кхечу тайпан хаамаш, и хаамаш оьшуш берш юкъарабохуш);
Белхан агӀонаш
[нисйан]Таллархочун болх атта бан ю белхан агӀонаш:
- Белхан:Log/review — талларан тептар.
- Белхан:AdvancedReviewLog — тӀеххьарчу 30 дийнан талларан журнал, лахаран кхин а параметрашца.
- Белхан:UnreviewedPages — талланза йолу агӀонаш.
- Белхан:PendingChanges — юха талла ян еза хийцина йолчу агӀонийн исписка.
- Белхан:ReviewedPages — теллина агӀонийн исписка.
- Белхан:ValidationStatistics — талларан терхьаш.
Анониман я керлачу чоьтан яззаман тӀиера, лечкъош доцуш къамелан низам дохадар (сийсазвар, деса къамелаг, кхин а) юхадаккхар. Хаамаш дийцарашка баккхар юхадаккхар, нагахь уьш теманца богӀуш бацахь я Википедин белхаца богӀуш бацахь. Ишттачу меттигехь гӀоле ю авторе юхадаккхаран бахьана яздича я юхадаккхар а ца деш нисдича, доцца бахьана а яздеш. Массашкахь нисдарш юхадахахь и нисдарш совцадайта деза: авторе цуьнан агӀон тӀе яздан деза, нагахь цуо гӀо ца динехь — администраторшка хаам бан беза. Декъашхочунгара байракх дӀаяккха таро ю нагахь иза лакхахь дийцинчул сов валахь; таллархочун байракх йита а мега.