Чулацаман тӀегӀо

Муртазалин, Жовтха

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Жовтха Муртазалин
Вина терахь 1879({{padleft:1879|4|0}})
Вина меттиг Зумса
Кхелхина терахь 1944({{padleft:1944|4|0}})
Кхелхина меттиг: СССР
Ӏилманан дарж: Шайх, молла
Къам: Нохчийн
ГӀулаккхан тайп: Политика, дин хьехархо, обаргалла

Муртазалин Жовтха (оьрс. Джаватхан Муртазалиев; 1879, Зумса, Теркан латтдоза1944, Советан Союз) — нохчийн политик а, динан агІора Ӏедалхо а[1]Нохчийчохь кӀайн гвардихошна а, большевикашна а дуьхьал жигара къийсам латточех цхьаъ.  Къилбаседа Кавказан Имаратан Ӏедалан декъашхо[2][3]. 19101940 шерашкахь гӀаттамхойн куьйгалхо[4].

Вина 1879 шарахь Нохчийчоьхь. Тайпан Зумсо вара. Динан гӀуллакххо а волуш, Іилма а даржош лелла Жовтха. Цо жигара къийсам латтийра кӀайн гвардихошна а, церан «Оьрсийчоь барт болуш, йоккха а, екъа йиш йоцуш а» бохучу лозунгана дуьхьал Октябрьски революци йолчу хенахь. 1920-чу шарахь Советан Ӏедал тӀеэцначул тӀаьхьа, оццу ондаллица дӀаболийра цо къийсам. Иза вара Ленин Владимире яздинчу кехатан йаздархо, цу тӀехь цо бехке дира цара социалан цхьатерра хилар а, кегийчу къаьмнашна йозуш ца хилар дӀадала а дина дош харц ду аьлла, тоьшаллаш а далош

Цо дакъалецира 1920-чу шарахь Шамилан СаьӀид-бейн, 1921-1923-чу шерашкахь Гоцийн Нажмудинан, 1932-чу шарахь Нохчийчохь хиллачу гӀаттамашкахь. 1930-чу шерашкахь Итон-Кхаьллан а, Шуотойн а, ЧІеберлойн а кӀошташкахь а, иштта ГалайнчІожан а, Галашкан а кӀошташкахь гӀаттамхойн боламан хьалханча. Кечдина а, дакъа лоцуш а 30, 31, 32, 40, 41-гӀа шерашкахь хилла нохчийн гӀаттамаш.

1942-чу шеран августехь Шарипан Майрбекан зӀе латто а, Жовтханах гӀортора а хуьлуш, церан аьтто белира Итон-кхаьллахь а, Шуьйтахь а кӀошташкахь боккха гӀаттам бан. ГӀаттам дӀаболабелира Зумсахь. Эвлан Совет а, колхозан Іедал а эшийна Майрбекас шена гонаха гулбелла нах хьалха а баьккхина, Шаройн кІоштан латтдозан йукъе – ХӀимой юьрта кхачийра. Стигалкъекъа-беттан 17-чу дийнахь иза схьаяьккхира, гӀаттамхоша эшийра парти а, кхеташо а. 

Цо гӀо-накъосталла лелийна ТІерлойн Хьасанна, Зумсойн гӀу чохь иза къайла а воккхуш. 1944 шеран 11-18 февралехь лаьцна, 65 шо долуш вен кхел йира

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Приложение № 1 / НКВД-МВД СССР в борьбе с бандитизмом и вооруженным националистическим подпольем на Западной Украине, в Западной Белоруссии и Прибалтике (1939-1956). www.xliby.ru. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 31 январь. Архивйина 2020 шеран 17 февралехь
  2. ЧЕЧЕНЦЫ И ИНГУШИ. stalinism.narod.ru. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 10 ноябрь. Архивйина 2022 шеран 10 ноябрехь
  3. Две армии две разведки – германская и советская – напрягают силы в противоборстве - Документ. textarchive.ru. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 апрель.
  4. Подсмотрено. smartik.ru. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 апрель. Архивйина 2021 шеран 31 августехь