Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд
Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман бин Файсал бин Турки Аль СаӀуд (Ӏаьр. عبد العزيز بن عبد الرحمن بن فيصل آل سعود / 15 январь 1876[3] - 9 ноябрь 1953[4]), — йиллинарг а, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхара паччахь а ву (1932—1953). Ӏаьрбийчоь цхьаьнакхетийта дуккха а эскарш гулдина цо. 1902-1926 шерашкахь — Неджд пачхьалкхан эмир хилла иза, тӀаьхьо 1932 шаре кхаччалц — Недждан а, Хьиджазан а Паччахьаллин пачхьалкхан паччахь вара.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏабдуррахьмана воӀ Ӏабдул-Ӏазиз вина 1876-чу шеран 15-чу январехь, Эр-Риядехь, СаӀудийн Исламан пачхьалкхехь.
СаӀудийчоьнан паччахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]СаӀудийн Ӏаьрбийн империн паччахь хилла Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд, 1893-чу шарахь эккхийна хилла иза, Кувейтехь хилла иза. 1902-чу шарахь 22-шо долуш волу Ӏабдул-Ӏазиза дукха эскар гулдина Эр-Рияд схьайаккха. 1912-чу шарахь Ӏабдул-Ӏазиза йерриге Неджд схьайаьккхина хилла. 1925-чу шарахь Макка а, йерриг Хьиджаз а схьайаьккхина цо. Иза схьайаьккхина бахьанехь цара кхоьллина Недждан а, Хьиджазан а Паччахьалла. 1932-чу шеран 23-чу сентябрехь Неджадан а, Хьиджазан а цӀе хийцина «СаӀудийн Ӏаьрбийчоь» (السعودية) аьлла. Ӏабдул-Ӏазиз ша СаӀудийчоьнан паччахь хӀоттина.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ (not translated to ru) The Kingdom — ISBN 978-0-15-147260-4
- ↑ 1 // Основной низам правления Саудовской Аравии
- ↑ قائد محنك جمع بين الدهاء والحكمة والفراسة وقوة الشكيمة
- ↑ الملك عبد العزيز بن عبد الرحمن بن فيصل آل سعود Архивйина 2019-10-13 — Wayback Machine