Ӏусман ибн Ӏаффан
Ӏусман ибн Ӏаффан | |
---|---|
Ӏаьр. عثمان بن عفان | |
Абу ӀабдуллахӀ, Абу Ӏамр, Зун-Нурайн, Зуль-хӀижратайн | |
Говзалла | политик |
Вина терахь | 576 |
Вина меттиг | ТӀаиф йа Макка, Хьиджаз |
Кхелхина терахь | 656 шеран 22 июль |
Кхелхина меттиг | Мадинат, Рашидунийн халифат |
ДӀавоьллина меттиг | |
Пачхьалкх | |
Да | Ӏаффан ибн Абул-Ӏас |
Нана | Арва бинт Курайз |
Зуда | Умм Ӏамр бинт Джундуб, ФатӀимат бинт аль-Валид, Рукъайят бинт Мухьаммад, Умм Кулсум бинт Мухьаммад |
Динлелор | ислам |
ТӀеман гӀуллакх | |
ТӀемаш |
Абу Ӏабдулла́хӀ Ӏусма́н ибн Ӏаффа́н аль-Умави́ аль-Къураши́ (Ӏаьр. أبو عَبدِ الله عُثمَانُ بْنُ عفَّانَ الأُمَوِيُّ القُرَشِيُّ; 576, ТӀаиф йа Макка, Хьиджаз — 656, Мадинат, Рашидунин халифат) — иза Рашидунин халифатан кхоалгӀа халиф ву 644—656 шерашкахь урхалладина, Мухьаммад пайхамаран ﷺ йуххера накъост а, цуьнан нуц а ву. Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ ву. Ислам дине баьхкинчу хьалхарчарах цхьаъ ву. Цуьнан цӀе йоккху «Зун-Нурайн (Ши нур дерг)» олий, хӀунда аьлча цо Мухьаммад пайхамаран ﷺ ши йоӀ йалийна хилла, дуьххьара Рукъайят йалийна, и дӀакхелхинчул тӀаьхьа Умм Кулсум а.
Ӏусман дуьххьара Хьабашийн лаьтта тӀе хӀижрат динарг ву, ислам дин лардархьама, цул тӀаьхьа цунна тӀаьхьахӀиттира бисина хӀижрат деш болу мухӀажираш. Цул тӀаьхьа шолгӀа хӀижрат дина цо Мадинате. Делан элча ﷺ вара цуьнах тешаш а, цуьнан лерам беш а, и дукхавезаш а, и эхь хеташ хилла дела а, цо шен даьхний бусалба нахана гӀо деш дӀахьовзош хилла дела а. Цуьнга йалсаманица кхаъбаьккхина цо, иштта шахӀид волуш дӀакхелхар ву аьлла хаам а бина.
644-чу шарахь Ӏумар дӀакхелхинчул тӀаьхьа, шура (совещани) хиллачул тӀаьхьа Ӏусманна байӀат дира халиф хоттарца. Цуьнан халифат лаьттира шийтта шарахь гергга. Цуьнан урхаллехь чекхдаьккхира Къуръан цхьаьнатохар а, Маккара Аль-Хьарам маьждиг а, Мадинатера Пайхамаран маьждиг а шордар а. Иштта цуьнан урхаллехь схьадехира масийтта мехкаш а, исламан халифат а шорйелира.
Цуьнан халифатан шолгӀачу декъехь, шийтта шарахь лаьттина долу, питанан хиламаш гучубевлира, и йамарта вере кхачийна болу, цуьнан 82 шо долчу хенахь. И дӀавоьллина Мадинатера аль-БакъиӀ олучу кешнашкахь.
Дахар дӀайаздар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏусман ибн Ӏаффан вина 576-чу шарахь ТӀаифехь, цхьаболчара Маккахь вина аьлла. Бану Умайят тайпанах хилла ву и, къурайшин баккхийчу элех долчу тайпанах. Цуьнан да Ӏаффан Абу Суфьян ибн Хьарбан девешин кӀант ву. Ӏусман вара сий долуш а, таро йолуш а жахӀилийн заманахь. Къурайшех кӀорггера хьекъал, кхетам болуш а, царна дукхавезаш а вара. Цкъа шен дахарехь хӀуьппалгна сужуд дина а, йа чагӀар мелла а вац иза.